Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Шарпуди Исмаилов - Iаьржа буьса | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Iаьржа буьйса, буьрса буьйса --
Дарцо левси кхийсайо.
Дино лергаш дуьхьалтуьйсу,
Халчу новкъа вогIу со.

Сан бора дин ма кIайбелла --
Дарцо тIе кIур биллина.
Ломахь тхойшиъ некъах тилла --
ХIусмах ас дог диллина.

Цецах санна, гIиттош верта,
Сох чекхбуьйлу шийла мох,
Тхойшиннех шен пхьор дан гIерташ,
Барзо бIаьргаш къегабо.

Сан дин, сой шиъ, дарцо гIорош,
Шело даге кхийдайо, --
Хьеше кхойкхуш цхьаннан-м корехь
ГIийла серло еттало.

Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьалдогIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду...

-- ХIей, нах! -- олий, ас мохь туху.
Корехь серлаболу чиркх.
Вевзаш вацарх ломахь наха
Даим оьцу хьаша чу.

-- Беркат шорта хуьлда хьоьца.
Воссал, делхьа, хьаша хьо! --
Олуш ондда луьйта лоций,
ХIусамдас со воссаво...

-- Дела ва хьо могуш марша,
Ма гIелвелла хир ву хьо!
Кху тхан тишчу хIусмах вашахь,
Даккха тхоьца дийнна шо! --

Олий, йоьлуш дуьхьал йолу
Нохчийн сийлахь цIенана.
Шарахь цаьрца Iан дог догIу,
ДIавоьддашехь со кхана.

Сох ца къаьсташ, баьрчче болий,
Чохь дIахIутту дорцан кIур.
-- Хьаша веъна вайга! -- олий,
Набарх гIотту берийн сур...

Божлахь сан дин паргIатбаьлла,
ХIинцца паргIат вер ву со.
Кхача кечбеш, марсаяьлла,
Пешахь кхерсташ хир ю цIе.

Цу кхерчарчу цIарочул а
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан коьмаршалла,
Ду вайнехан оьзда дош!


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Видео
    Нет видео
    -