Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ризавди Исмаилов - Даймехкан хазалла (exclusive M95) | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

I. Даймехкан декхаро кхайкхамца вехна
Йист йоцчу геналлийн дозанехь лаьтта
Карзахе шелонан махо шок етта
Эхь доцчу набаро ийзаво метта

Припев :
Кхиъна ву са санна, Даймохк а безаш
Дайшкара дуьйна схьа нийсо а лоьхуш
Ч1аг1онца вехаш ву, халкъана ваца
Бакъонца дахарехь нийса некъ лаца

II. Г1о эшна къарвелла, шелонна хебна
Ца сецна ларвелла халонех тебна
Маьршачу дахаран тийналлех тешна
Хийла ву мерзачу набаро хьаьшна

III. Ца еъна минот а доттаг1ал эшна
Олийла дац эрна ас латта хьаьшна
Дахарехь диканаш дуьссуш ду ваьшна
Тешнабехк сих болуш буьсийла вайшна

IV. Ма хуьлда цкъа а ницкъ Даймахке кховда
К1енти ма кхуьийла и буьтуш бовда
Кийча ву болата ч1аг1онца х1отта
Сайн ц1ийца хьан дешнийн вожа хьан лаьтта

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-