Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Рамзан Абумуслимов - Хьа ойла еш со ма лела (M95) | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

I.
Дукха ю ойланаш сан коьртехь
Хьоьга д1а йийцарах, кхачор а яц
Гур юй теша хьо тахна суна
Хьан ойла еш со ма лела ( 2 раза )
II.
Сийначу бай т1ехь зезаг санна
Хазлуш хьо кхуьуш ма лаьтта
Дерриг хьан аз эшар суна
Хьо х1ун дагахь лелаш ю те ( 2 раза )
III.
Малх д1а буьзна бода т1е беъча
Сагатлой со ара ма волу
Йиллин хан т1екхаьчна ма ели
Ехийла хьо соьца массо а ханна ( 2 раза )
IV.
Дукха ю ойланаш сан коьртехь
Хьоьга д1а йийцарах, кхачор а яц
Гур юй теша хьо тахна суна
Хьан ойла еш со ма лела ( 2 раза )

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Видео
    Нет видео
    -