Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Майрбек Хайдаров - Нохчий йо1 (New 2014) [exclusive M95] | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

I. Зезаг ду хьо кху дуьненан хаза,
Орам бу хьан шовда санна ц1ена.
Г1иллакхах ду кийрара дог дуьзна,
Нохчийн йо1, хьан сий лаьмнел лекха.
Бакъо ю хьан корта айба майра,
Дахарехь хьо цкъа лай ца хилла.
Хьай х1усамехь тешаме хиларна,
Дош ца дитна хьайна т1аьхь ала.

Припев :
Дуьненна йоьвзу хьо нохчийн йо1 сийлахь,
Шен са ду хоттийна хьан синан мах.
Азаллехь исбаьхьа, иллешкахь йийцина
Лераме яхь йолу, х1ай нохчийн йо1.

II. Хьан эсала ама, лелар оьзда
Сирла амат, хьан куц-кеп а тайна.
Мотт а бийца хиларах мел говза,
Тоьар ма яц дийца еха зама.
Хьан бос лепа маьлхан з1аьнар санна,
К1айчу мархех духар ду хьан тегна.
Дозалла ду хьо масалла эца,
Нохчийн йо1, хьо нохчийн къоман седа.

Припев :
Дуьненна йоьвзу хьо нохчийн йо1 сийлахь,
Шен са ду хоттийна хьан синан мах.
Азаллехь исбаьхьа, иллешкахь йийцина
Лераме яхь йолу, х1ай нохчийн йо1.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-