Pesni.guru - сайт для Гуру
Тхуна сирла бутт кхетта
Ша сий нурах ва лепаш
Хьа чох тарра хазалла
Тхунам цаъа ца гина
➖
Малх бу хьо бутт бу Хьо
Ва нурен т1ехь нур ду Хьо
Дог1миш къондеш дарба ду
Дела Элчи Мухьаммад
➖
Хьай тхунна везнарриг
Йа Хьабийби Мухьаммад
И хьай т1емаш даьржи ахь
Хьо кху маьлхи дуьненчохь
➖
Хьа йухьи нур хьа гиннариг
Ша ирс доллуш ма хилла
Хьо Элчарчех т1ехьар ву
Дела Элчи Мухьаммад
➖
Миски лай дог дог1уш ву
Хьогарчу шафаIате
Ахь шафаIат ва даре
Ша сатуьссуш Мухьаммад
➖
Ахь тхунна гIо дий хьа
Ахь тхо хьалха даха хьа
Жежаг1ати халонег1
Дела Элчи Мухьаммад
➖
Везчу Делиг Ахь дехчи
Дала хьуна лур ма ду
Ахь тхо Дели деха хьа
Делла Элчи Мухьаммад
➖
Деха шеги ва бохуш
Цу вай Дала хьистир Хьо
Ахь тхо Дели деха хьа
Йа хьабиби Мухьаммад
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1