Pesni.guru - сайт для Гуру
Дели ву х1умана шена къайле йоцуш,
Шена диначу къоланна вицвалар доцуш.
Ша реза воцчунна сихвалар доцуш,
Ва 1еха ма ло вай хьай дина вежари.
➖
Ла духуш хила вай, заманаш йог1у,
Ойла еш хила вай, вай аьшна дог1у.
Де диний мел дели, 1ожалла йог1у,
Ва 1еха ма ло вай хьай дина вежари.
➖
Масанний да вийна кху дуьнено 1ехина,
Масанний доьзалаш бай хилла дайна.
Масанний дика к1ентий чу бохкуш байна,
Ва 1еха ма ло вай хьай дина вежари.
➖
Ма леха х1ар дуьне, дуьсур ду моьттуш,
Ма дита эхарат, дог1ур дац моьттуш.
Вай дохко дойр ма ду къемата цу дийнахь,
Ва 1еха ма ло вай хьай дина вежари.
➖
Йа Аллахь хьо везар марз дехьа тхуна,
Къинхетам бехьа тхоьх ва везан Дели.
Декъалла хиллачу тобуна тхо дехьа,
Йа Робби хьо везар тхуна марз дехьа.
➖
Хьаг1неха тха дегниш ц1ан дехьа Дели,
Г1ибате меттиниш ц1ан дехьа Дели,
Тха ойланаш вовшашца та ехьа Дели,
Къинхетам бехьа тхоьх ва везан Дели.
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1